Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #897
А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Йукъараллин фондо Донбассерчу а, Украинерчу а маьршачу бахархошна гӀо-накъосталла дар денна а сацийна дац. РогӀера гӀо-орца Мелитополерчу салташна а, бахархошна а кхаьчна. Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина гӀо-накъосталла "Патриот" 3 УАЗ-х а, 20 тонна сурсатех а лаьтташ хилар. Сурсаташ уггаре а оьшучух лаьтташ ду, шайн могӀарехь хох а, картол а, жӀонка а, копаста а йолуш. #Даймохк #ДаймохкГазет #Нохчийчоь #НохчийнМотт #ЧеченскийЯзык #РОФ
Показать оригинал