НАНА Нана, со воьду хьан шерийн лорах, Г1ийлачу сайн юьхь т1ехь хьан хьажар соьцуш. Мел ч1ог1а сан шераш галморзах дийларх, Хьо даим соьца ю, суна некъ хьоьхуш.

Хеназа хьо тишъеш, д1аидарх зама, Доьзалан б1аьра хьо г1ийла ца хьежна. Ахь даим соь баьхна нийсонца 1ама, Б1аьргара хиш лечкъош, хьо суна къежна.

Ерриге халонаш, хьайн даг чохь къуьйлуш, Со новкъавоккхуш, ахь ондда т1ай тилли. Ткъа х1инца хьо йолуш самалхадуьйлуш, Сан даг чохь кхуьуш ду дахаран илли!

 

САН НОХЧИЙЧОЬ Малхана дуьхьала йирзина лаьтта, Г1ала а х1етахь шех дайъинарг доь. Моьттура и г1атто ницкъ хир бац атта, Ткъа х1инца-м кхуьуш ю, сан Нохчийчоь!

Даймохк бу хазаллин нур хилла лепаш, Дог дика шен амал кхийдаеш тхоь. Ша маьрша яккхарна, к1енташа леташ, Баркалла бохуш ю, сан Нохчийчоь!

[AdSense-A]

Тхан маьрша ойланаш хьан ц1арца йог1у, Тхан дуьхьа яхалахь, дехар ду хьоь. Кхин хьан дог ца дохош, массара оха, Ларйийр ю, сий долу, хьо, Нохчийчоь!

 

ТЕВЗАНА Вайн лаьмнийн суьрташа исбаьхьа кхелина, Бос хазчу 1аламо цхьа башха хазйина. Шовданийн дукхалло безамаш ларбина, Беркате юрт ю-кх хьо, со веха Тевзана!

Дог дикчу адмаша даима сий дина, Яхь йолчу к1енташа бакъонца ларйина, Г1иллакхца, г1уллакхца хьаша-да лийрина, Сий долуш юрт ю хьо, дай баьхна Тевзана!

Со тахна воккхаве хьан к1ант со хиларна, Ахь кхиош нийсачу новкъа со ваккхарна, Даггара баркалла ду хьуна соьгара, Ца кхоош нийсаниг хиларна хьоьгара.

Хьо маьрша ехийла, ехийла г1оза, Сий хуьлда даима, мел лаьтта йоза. Кхиамаш хуьлда хьан, яха хьо ирсе, До1а деш иштта ас йоьху хьо Деле!

 

ДЕГА... Стелахаьштиг санна дагах кхерсташ, Доцуш шеца шех диканиг бен, Маь1на долуш, дош-дашах схьакъаьсташ, Дика хьехарш хуьлу дикчу ден.

Ойла йойтуш хуьлу х1ора дош а, Дагавала, дог д1адоьллу шен. Иза хуьлу х1ора дикчун теш а, Г1о оьшучохь цо ца туху пен.

Болат санна ден дог хуьлу ч1ог1а, Доьналлийца цо т1еоьцу зен. Собар хуьлу цуьнан коьрта дог1а. Собар долчохь, товш дац собар бен.

Атта дац-кха къонах хилла ваха, Иштта ду-кха дукъ т1елацар ден. Дех цакхеттарг, т1аккха-м кхета хьаха, Висча цхьалха, ойла йича шен.

Да «стигал» ю, олуш ду дайн кица, «Нана-ц1енкъа» – вайн дайша ма аьлла. Хастам бу-кха уьш болуш вайн х1инца, Хастам бе вай, уьш латточу Далла.

 

НОХЧИЙН МОТТ Нохчийн мотт, хьоьца ду сан дерриг дахар, Хьо буьйцуш, хьо хестош дуьнен чохь вахар. Сан деган стом бу хьо хийца йиш йоцуш, Дагна, ахь, синтем ло ала дош доцуш.

[AdSense-B]

Хьоьх къаста йиш яц сан, йиш яц хьо хийца, Хилча хьо бехаш сан дагца, ц1ийца. Сан дог маьрша ду, хьо буьйцучуьнца, Сан ойла йоьлуш, хьо хесточуьнца.

Б1ов санна хьан ч1аг1о, къонахийн амал, Ларйина хьо хестош, базбина ломал. Наха хьо буьйцур бу дуьне мел лаьтта, Хьоьца мел вехаш верг, вехаш-кх ву атта!!!

 

КЪОНАХЧУЬНГА ВЕСЕТ Дайн хаза г1иллакхаш лело, хьо, 1амалахь, Дех-ненах дог кхеташ хила а, хьо, хьажалахь, Уггаре коьртаниг церан сий айъалахь, Цаьрца бен самукъа кхин доций, хаалахь.

Даймехкан сий лардар хьайн декхар хеташ, Вахалахь, даима кийрахь ц1е леташ. Къонахчун ц1е лелор жоьпалла лоруш, Хьо ваха хьажалахь, адамалла йолуш. Дика ц1е лело а дац хьуна атта, Вацахь, хьо, кийча оьшшучохь г1атта. Дог дуьзна хилалахь, нах ларбеш вонах, Нахе хьайх олуьйтуш: «Вуьззина къонах».

Вай даларх дика ц1е ехаш ю лаьттахь, Хьайн дешан да волуш нагахь, хьо, ваьхнехь. Х1ара дуьне дош доций и диц ма делахь, Дуьненах я цкъа а тамаш ма белахь.

 

НОХЧИЙН ЙО1 Б1аьстенан зезаг хьоьх эрна ца аьлла, Ахь хазйо б1аьсте а кхелина бай. Хьоьх доггах б1аьрг тоьхна со а ца ваьлла, Хилла соьх х1инца-м хьан деган лай.

Нохчийн йо1 мехкаршлахь нур хилла лепа, Эсала, самукъне хиларца гуш. Суна-м хьо даима гергара хета, Сих-сиха дацахь а вай вовше гуш.

Малх санна хаза хьо кхоьллина Дала, Седарчий санна товш и ши б1аьрг хьан. Дависа, йиш хилча цкъа т1ема вала, Со кхочур ма вара сайна хьо ган.

Нохчийн йо1 хьо йолуш воккхаве тахна, Хьоьл хаза, эсала х1ун хир ду те!? Эрна ца хилла ас, хьо зезаг лехна, Декъал ян лиъна деган б1аьсте!

 

САН ДЕКХАР Дахаран къаьхьа кад мийларх, Собарца лардийр ду эхь. Нохчийн дог сайн кийрахь мел ду, Юхкур яц къонахчун яхь.

Вогуш со лелар вац цуьрриг, Вуй хууш со лаьмнийн к1ант. Лардийр ду дика дош эрриг, Со волчу меттехь сайн г1ант.

Кура со ца хилла цкъа а, Хууш ву дахаран чам. Собаре хилла зен лан а, Цуьнца ас боккхур бу лам.

Ас даим лардийр ду б1аьрхиш, Со винчу хьомсарчу ненан. Иза сайн декхар дуй хууш, Со хиларх къона я къена.

Ден амал кхиор ю ларъеш, Я цунна осал ца хилла. Цо суна хьехна некъ ларбеш, Дахарехь юьхь-к1айн чекхвийла.

 

Даудов Гилани, журнал "Нана"

Автор трех фотографий Абдуллах Берсаев