Вайна ма-хаъара, тIамо ондда зен дина нохчийн махкана: йохийна ю школаш, ягийна-талийна ю библиотекаш, бохийна махках бойлла шортта хьехархой. Ишта а кIезга хилла йолу нохчийн меттан литература, йиса а йисний те аьлла, лагIъелла. ХIоьттана хьал вай дерриш а орцах довла дезаш ду. Къаьсттана доккха жоьпалла Iуьллу лакхара доьшийлийн Iилманхошна тIехь. Церан парза декхар ду аьлла хета ма-хуьллу сиха вузашний, ишколашний Iаматаш кечъяр, хьехархошна гIоьнна литература язйина яккхар. Дешаран тIегIа хIинца долчул лаккхадаккхарна тIехь дикка закъалт хилла дIахIуттур ю аьлла хета, даламукълахь, хIара Iилман-зеделлачуьнан конференци а.

Тахана оха кхузахь дийца леринарг ду нохчийн меттан дешаран керла терминаш юкъаяхаран хьокъехь. Вайна ма-хаъара, мотт цхьанаметтахь лаьтташ бац, дахаран хьелаш хийцадаларе хьаьжжана кхуьуш бу. ТIаьхьарчу 20-30 шарахь онда хийцамаш хилла дуьненахь а, къаьсттана вайн махкахь а. Керла Iилманхой, яздархой, литераторш а кхиаре терра, къоман кхетам а лакхабаьлла . Цара шайн говзарш юккъе ялайо керла нохчийн меттан терминаш-неологизмаш. Вукху агIор, тIемаш бахьана долуш республикера къаьмнаш дIаса а дахана оьрсийн мотт хаар а лагIделла тIекхуьучу чкъуран. Бераш чIогIа хала кхета оьрсийн маттахь йолчу предметех, дешаран оьрсийн терминаш ца хаарна. Цундела тоххара юьхьенцара школа нохчийн матте яккха еза хьал хIоьттана вайн махкахь. Цуьнца цхьана цхьайолу терминаш нохчийн матте яха езар а. ТIаьхьарчунна тIедоьг Iна ду тхан таханлера къамел. Масала, университетехь, нохчийн меттан кафедрин гуламехь йийцаре а йина, хьалххе дуьйна тIеэцна лелош ю иштта дешаран терминаш:

1. алам /бу/ (чeкхъяьлла ойла гойту xабаран дакъа) — предложени

цхьалхе алам — простое предложение чолхе алам — сложное предложение баьржана алам — распространенное предложение баржаза алам — нераспространенное предложение тIетуху алам я тIеалам — придаточное предложение аламан меженаш — члены предложение аламан коьрта меженаш — главные члены предложения аламан коьртаза меженаш — второстепенные члены предложения

Этимологиций, дошкхолларан некъаций, меттан хотIаций нийса а йогIуш кхоьллинчу термино цхьанаметта шортта очакхаш дIайоху къамела юккъера. Масала, и дика го ала ‘багахдаккха, вистхила’ боху хандашах -м суффиксан гIоьнца кхоьллинчу алам цIердашехь. Иза грамматикин предложенин маьIнехь лелийна ца Iаш, «высказывание, выражение, фраза» маьIнехь лело йиш а ю, ала дашна, алгебрин алам алгебраическое выражение. Цунах атта юха а хандош дало, ша чIогIа оьшуш долу, аьр вай, алам бан «вносить предложение, предлагать». ТIаккха «сан алам бу я ас алам бо хьенех тхьамда харжа» аьлла, цаI вистхилча, цунах кхета гIерташ къахьега ца деза. Изза ала чот ю шардам терминах а.

2. шардам /бу/ — упражнение

цIера шардам /бу/ — домашнее упражнение грамматикин шардам /бу/ — грамматическое упражнение дегIан шардам я спортшардам — физическое упражнение.

Вайна ма-гарра, шардан хандашах схьадаьлла и дош, грамматикин маьIнехь кхетийна ца Iаш, физкультурин маьIнехь кхето йиш а ю, масала: пресс чIагIъен шардам, гимнастикин шардамаш. Наггахь волчо, шардам дош ца дезаш, цунах шардар до, амма цунна шен лерсица ца хаъло шардар термин мелла эшна юйла, юккъехь ши -р хиларна а, дуьззана цIердош ца хиларна (масдарца хандешан маьIна алсам ду хIинца а), маьIнаш дукха хиларна а (у шардар, латта шардар, Iамийнарг шардар), грамматикин класс хийцаяларна а (шардар, шарбар, шаръяр). Доцца аьлча шардар дашехь терминийн куц (терминологичность шех олург) данне а дац, иза халкъана кхоьчу маьIнехь дойзаш долу дела, ткъа шардам дашехь ду, ша кхуллушехь Iилманехь лело кхоьллина хиларна.

3. дозар /ду/ — спряжение

Хандош хенашкахь хийцадаларх дозар олу. Нохчийн меттан хандешнийн ши дозар ду.

  • 1-ра дозар юкъадогIу карара хенан чаккхенгахь -у (-в) долу хандешнаш. Масала: ала, саца, деша, тан, лан, дан, ган, тен (хIунда аьлча хIун до? — олу, соцу, доьшу, тов, лов, до, го, тоь.
  • 2-гIа дозар юкъадогIу карара хенан чаккхенгахь -а долу хандешнаш. Масла: хаза, даша, лата, мага, даша, Iама, Iана (хIунда аьлча хIун до? — хеза, деша, лета, мега, деша, Iема, Iена).
  • 4. озам /бу/ наклонение

ХIинцалера саттам оьрсийн маттара йина калька хиларе терра дукха ирча термин ю. Шен чулацаме диллича наклонени къамелдечо дуьйцушдолчух шена хетарг, шен озабезам гойту категори ю, цундела озам термино и маьIна дико чулоцу. Дуста: билгала озам, тIедожоран озам, бехкаман озам, лааран озам.

5. ардамдош — причасти

Билгалдешан, хандешан амат долчу къамелан декъах ардамдош олу.

6. тIеардамдош — деепричасти

Куцдешан, хандешан амат долчу къамелан декъах тIеардамдош олу. И ший а тIаьхьара термин цIердош, билгалдош, хандош, куцдош, айдардош терминийн могIарехь дIанисло, кхета атта а ю, хIунда аьлча арда действовать, ардам действие дуйла хаьа вайна, ткъа причасти, деепричасти вайн маттахь цхьа а бух боцуш ду.

7. эриг — субъект, подлежащее

8. дериг — предикат, сказуемое

лелийча дика хир дара вай, цкъа делахь уьш, нохчийн дешнаш хила ма-деззара, доций ду; шолгIа делахь, мелла а этимологин орам гуш ду (эриг — аламехь олуш долу коьртаниг, дериг — аламехь эригах дериг, долушдерг, дуьйцург); кхоалгIа делахь, эриг-дериг, оьрсийн тема-рема бохург санна, вовшашца рифма йолуш хаза а ду.

9. цIоьмалгийн къовларш — кавычки

цIоьмалгийн къовларш юккъе лаца — взять в кавычки цIоьмалгийн къовларш схьаелла — открыть кавычки цIоьмалгийн къовларш дIакъовла — закрыть кавычки

10. Iамат /ю/ — учебник

1-ра классан Iамат — учебник 1-го класса, нохчийн меттан Iамат /ю/ — учебник чеченского языка, оьрсийн меттан Iамат /ю/ — учебник по русскому языку.

Шен кхоллаяларца тамашийна хетахь а (хIинццалц суффикс -т хандашана тIекхеташ яцара, хьовса: дийнат ‘садолхIума’, орамат ‘тIейолу хIума’), и термин тIекхуьучу чкъуро къобалйина тIеэцна а ю, хьалхара шиъ санна, нохчийн маттана вуно оьшуш а ю. Цуьнан дика хилар долчунна тIе а го, тхуна хетарехь, цунах атта кхи цхьа термин ян яларна: гIо-Iамат.

11. гIо-Iамат /ю/ — учебное пособие

дешаран гIо-Iамат — учебное пособие методикин гIо-Iамат /ю/ — методическое пособие. хьехархошна лерана гIо-Iамат — пособие для учителей

Нагахь санна хIокху дошкхолларан кепах вайна пайдаэца лаахь, вайга сихха социале термин а ялур ю, гIо-ахча /ду/ ‘денежное пособие’ аьлла.

12. гулар /ю/ — сборник; набор, комплект, коллекция

диктантийн гулар — сборник диктантов байтийн гулар — сборник стихов эшарийн гулар — сборник песен

13. говзар /ю/ - говза йина я говза язйина хIума

ишколан говзар — сочинени,яздархочуьн говзар — произведени, суртйозанчин говзар — диллина сурт говза [говзу, гевзира, гевзина, говзур йу] — дика ян, говза ян, кхолла; ирхкема говза, робот говза, керлачу тайпана компьютер говза гойзана куьйга йина, искусственни; гойзана садеIар, гойзана спутник, гойзана дог, гойзана кIади

14. сизар /ю/ — линейка

логарифмийн сизар — логарифмическая линейка

15. язолг /ю/ — ручка

Дика язолг, хаза язолг, автоязолг я шаязолг.

16. дeтаьптар /ду/ — дневник

  • кIиран рагIйоза тIeхь долу дешарxойн таьптар
  • дийнахь xилларш я дагадeънарш тIeяздeн таьптар

И массо термин, Iилманехь ма-аллара, апробийрина ю, вуьшта аьлча, ешархошна йовзийтина, зеелла ю, уггар хьалха нохчийн периодикин зорбанехь «Геланча», «Орга», «СтелаIад» журналашкахь, «Даймохк» газетехь. Цул сов, и терминаш юкъаягIана дуккха а дешнижайнешна, Iилман статьяшна, Iаматашна а. Царах цхьайолу литература оха лахахь ялайо ешархошна йовзийта а, оьшучунна гIоьнна а.

-- Литература

Ахмадов М. Нохчийн гIиллакх-оьздангалла. 10-11 классашна лерана Iамат. — Нальчик, 2003. Вагапов А.Д., Дадашев Р.Х. Оьрсийн-нохчийн физикин терминийн дошам. — Соьлжа-гIала, 1999. Вагапов А.Д. English-Chechen Dictionary /Ингалс-Нохчийн дешнижайна/. — Соьлжа-гIала, 1999. Вагапов А.Д. Нохчийн меттан доштуьду жайна. — Нальчик. 2002. Вагапов А.Д., Цацаева А. Chechen-English phrasebook. — Грозный. 2003. Вагапов А.Д. ЦIердешнийн легарш. Методикин гIо-Iамат. — Грозный, 2003. Вагапов А.Д., Хамирзоев С.Х. ЦIердешнийн легарш // Вестник ЧИПКРО «Геланча» No 4. — Грозный, 2003. Вагапов А.Д. Краткий этимологический словарь чеченского языка. Буквы А-Аь // Вайнах, No 11. — Грозный, 2003. Вагапов А.Д. Учебный этимологический словарь чеченского языка. Буквы А-Д // Вестник ЧИПКРО «Геланча» No 1-3. — Грозный, 2004. Вагапов А.Д. Учебный этимологический словарь чеченского языка. Буквы Ж-К // Вестник ЧИПКРО «Геланча» No 2. — Грозный, 2005. Вагапов А.Д., Вагапова К.А. Англо-чеченский лингвистический словарь // Вестник ЛАМ, No 20, Грозный, 2003. — с.37-39. Вагапов А.Д., Ахмадова З.М. Нохчийн меттан урокехь дийнатийн, ораматийн цIерш Iамор. — Грозный. 2005. J. Nichols and Vagapov A.D. Chechen-English and English-Chechen Dictionary. — New-York-London, 2004. Вагапов А.Д. (НПУ-н нохчийн меттан кафедрин куьйгалхо)

Арби Вагапов