Нохчийн кицанаш — чеченские пословицы и поговорки. Часть 1.

Даймохк

  1. Вина мохк мазал мерза бу.
  2. Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо.
  3. Мехка доцчу иэро пхьагал ца лаьцна.
  4. Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьлу.
  5. Ц1ийнах идда бежана берзан бага дахна.
  6. Ц1ийнах идда бежана не1арца дайна.
  7. Шен ненан сий лардечо — Даймехкан сий а лардийр ду.
  8. Шен ц1а — ц1ен ц1а.

Г1иллакх, оьздангалла

  1. Болх бечу кхаьчча, — болх бе, юучу кхаьчча — яа.
  2. Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо.
  3. Воккхачо аьлларг дайна дац.
  4. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла.
  5. Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна.
  6. Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла.
  7. Деца къамел ма де, нана юккъе лелае.
  8. Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина.
  9. Къиг т1ееъча, къиг а г1отту хьала.
  10. Оьздачу стага шен ц1ахь а, хьошалг1ахь волуш санна юу х1ума.
  11. Стеган мах ша хадийнарг бу.
  12. Шена во диначунна дика динарг, шен мостаг1чуьнан ч1ир эцнарг ву.
  13.  Юххерчуьнга мала а ца олуш хи мелларг а, мала аьлча, и мелларг а — ший а ж1аьла ду.

Доьзал, гергарчу нехан юкъаметтигаш

  1. Ваша ваша ву, эшначу меттехь хьалха х1уттуш велахь.
  2. Ваша воцу йиша — 1индаг1.
  3. Вежарийн безам — т1улгал а ч1ог1а бу.
  4. Дений-нанний муьт1ахь боцу доьзал — гергара мостаг1.
  5. Дика доьзал кхиънарг нахалахь корта лекха хир ву.
  6. Доьзал дика — беркат дукха.
  7. Лела ца хиъна нускал, олла баьхьна яй санна, духадеъна.
  8. Марцхошца къийсина нус ц1ийнах яьлла.
  9. Несана хьекхийна цергаш к1антана яхна.
  10. Нуц валар — арахьара вон, нус ялар — чоьхьара вон.
  11. Сунцхой а, ненахой а ца лоруш верг лай лерина.
  12. Чохь ца хилла сий — арахь а хир дац.

Дешар, хьекъал, кхетош-кхиор

  1. Дешар — серло, ца дешар — бода.
  2. Йоза доцу стаг шура йоцучу аттах тера ву.
  3. Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу.
  4. Кхоччуш хьекъал долчуьнан къамел доца хир ду.
  5. К1езахь 1еминарг, пхьарахь а ца дитина.
  6. Майра ву алий, кура а ма вала, хьекъал долуш ву алий, сонта а ма вала.
  7. Нахана юккъехь леларе терра бен хуьлуш дац хьекъал.
  8. Стеган хазалла ца лоруш, дикалла а, хьекъал а лара.
  9. къа шарачохь ца хилла хьекъал цкъа а хир дац.
  10. Хьекъал долуш верг мила ву? — аьлла. — Нахе х1ума хоттург ву аьлла.
  11. Х1ума хаар — нахе ладог1ар.

Халкъана 1ер-дахарехь зеделларг

  1. Бух боцу шелиг хих дузур дац.
  2. Б1аьргана гинарг тешаме ду, лергана хезначул.
  3. Валарах кхоьруш воцург лийр вац.
  4. Вираца лаьттина эса вирах 1аьхна.
  5. Воьдуш динарг хьесап дац, вог1уш динарг бен.
  6. Денна ца яхьа хе чалх.
  7. Д1аг1оьртинчу стеран белкорта* йоьйна, юхаг1оьртинчу стеран ма1а йойна.
  8. Кепах тера йолу кибарчиг.
  9. Керлачу норо нехаш ц1ена йоху.
  10. Куьпчичо т1ам шена луъучу буллу.
  11. Кхийринчу(н) нана йилхина яц.
  12. Къеначу барзо ши уьстаг1 баьхьна.
  13. К1елахь г1ура йоцуш, 1ам т1ехь ша бийр бац.
  14. Ла ца дуг1учунна дина хьехар хьакхина хьалха оьллина жовх1ар ду.
  15. Малх хьаьж-хьаьжначу х1у таса — х1у тес-тесначу 1индаг1 х1уттур ду хьуна.
  16. Маха лиелачухула тай а лиела.
  17. Нехин диег1ах боллун пхуо** хионах боллуш санна хиета.
  18. Оза делахь а, жижиг тоьла.
  19. Пхьеруо морзух лелабуо, куьг ца дагуон.
  20. Саргах ца бина х1оз г1ожух хир бац.
  21. Т1ам бойна леча ламанца тарлуш дац.
  22. Хи долчохь бен хуьлуш дац дахар.
  23. Хийистехь вехачунна хин гечо девза.
  24. Хьера йиллале, к1арк1ар йиллина.
  25. Цамгар, йог1уш, не1арх йог1у, йоьдуш, механ 1уьргах йоьду.
  26. Цериг йоцуш буорз хир яц.
  27. Цкъа кагъелла меже нийса ца х1оттаелла.
  28. Ц1а дагахь а — ц1е тоьла, кха дагахь а — малх тоьла.
  29. Ц1арца бегаш ма бе, хих а ма теша.
  30. Ч1еруо лоху хи чохь к1оргу меттиг.
  31. Шен хеннахь вижнарг кхаа вонах ваьлла, шен хеннахь г1аьттинарг кхаа диканах кхиъна.
  32. 1уьйре ц1ийелча — кхоллар кечъе, суьйре ц1ийелча — кхаллар кечде.


*Динбухка.
**Пха.


Нохчийн кицанаш — чеченские пословицы и поговорки. Часть 1.

Silent is golden

1

Репутация

26

Подписчиков

637

Статей

127 /  1

Отдал(а) голосов

Добавить комментарий