Вайн амалш (сиркхонаш, къинош, лазамаш)
Описание
ХIокху Дуьненахь адамийн тобанан, кхетамца, цхъана маттаца, дуънене хьежамашца кхиъначу халкъан я къоман шена юкъахъ цIе йоккхуш къаставой, оцу къоман дика-вон шен сица кхобуш, дагца къуъйлуш, эхъ-бехкан, доъналлин, собаран а ма-сал хуълий лаътташ стаг-къонах хуълу. И стаг-къонах, ше-гахъ къоман эс лардийриг, эхъ-бехкан хехо, замано ха харцарх шен юъхъан чкъор, амал, дог-ойла ца хуъйцуш лаътта, наж-дитт санна лаъмнашкахъ, мацах-цкъа дайша йоъгIна бIов сан-на. Цуънан дахаран некъех а, цуънан Дашах а хан-зама яларца къилба хуълу, адамаллин, къинхетаман, доттагIаллин, сто-галлин, собаран гечонах тиллачунна нисвала гIо деш. Массо а къаъмнийн бу яздархой-хъехамчаш, къонахий, къаной, дешан охIланаш, са цIена нах. Церан ницкъ кхочу шен къоман лаза-мах кхечу къаъмнийн дог лазийта, диканах кхин къаъмнаш даккхийдейта. Цара шаъш бинчу кхоллараллин балхаца, къа-хъегарца, хъанал хиларца бакъо йоккху бакъдерг ала, мел къаъ-хъа
иза делахъ а. Ишттачарех ву Нохчийн Халкъан яздархо..