Синан дуьне

Синан дуьне
Категория Образовательная литература
Язык Чеченский (ce)
Читать онлайн
Описание

Олуш ду, пайденна, дахар довзуьйтуш йолу, доьшучарна синан кхиаман а, дегйовханан а жимма х1ума луш йолу киншка язъярхьама, перо (пиллиг) схьа а эцна, и шекъан чу а 1оьттина, кехат т1ехь хьай н сахьийзош дерг 1аткъо деза.
Иштта кхоллаелла «Синан дуьне» – иза дуьне хилла ца 1а, Мохьмадан Пайхмаран т1аьхьенан «дашочу муьран » б1еннийн 1илманчийн синан хаарийн нуьра н къеггинчу з1аьнарша серладаьккхина дерриге а дуьне ду.
Са чохь волчу муьлххачунна а диллина ду сина н дуьне. Кхузахь х1оранна а карор ду шенн сина ойланийн , сахьийзаман , г1ертаран , хьалаваларан а, охьавожаран а аьзнаш. Амма иза медитацин а, философски «духе кхачаран » пособи яц, иза хьехаран кехат ду, даиманна а хаарш лакхадохуш, толлуш, дахарехь зеделларг гучудоккхуш йолу, х1окху дуьнен т1ехь цхьаъ волчу Далла хьалха динчунна-лелийначунна жоп дала кийча хилархьама, язийна санна инструкци ю.

Кху дахарехь цхьа а х1ума гуттаренна дуьсуш дац я вон а, я дика а; я г1айг1а-бала а, я ирс а. Дахарехь ч1ог1а мехала бу синан х1оттам а, машаре хилар а, т1евирззина болх бан хаар а, 1алашоне кхача г1ертар а; т1ех1оьттинарг лан синан халачу новкъа текъамаш а ца беш, дахаран халонаш а ца хьоьшуш, хин доцчу хеташ долчунна юккъехь д1аса а ца ветталуш, лакхене
г1ерташ, дукхах дерг а, дукхах берш а кхин а дика хуьлуьйтуш, д1аваха ницкъ луш долу доьналла хилар, цуьнца цхьаьна массо а х1ума шен карахь долуш верг, сил дукха веза а везаш, цунна т1е а тоьвжаш.

Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.