Элчанан гIазоташ

Элчанан гIазоташ
Категория Образовательная литература
Язык Чеченский (ce)
Читать онлайн
Описание

ДIадолор

Элча - АллaхIера къинхетам, маршалла хилда цунна, кхойтта шарахь Маккахь Iийна, цигахь нахе кхайкхам беш АллахIа шеца ша хьажийначу нийсоне а, бакъоне а, АллахI цхьаъ варе а, цунна шенна лолла ( Iибaдат ) даре а, Цуьнца накъост ца веш. Иштта цо уьш кхайкхина деллачул тIахьа духа дендарах тешаре а, кхузахь догIур долуш цхьа де хиларе а, хIора адамо цу дийнахь ша кху дуьненахь динчуьна бекхам схьаоьцур болуш, дикачуьна, вончуьна.
Амма Къурайшашна дазделла, диталуш цахилла шайн дайша лелош карийна Делаца накъост вар а, тилар а, цIунашна лолла дар а. Цара тIе ца эцна АллахI цхьаъ хиларха тешар, Мухьаммад Цо ваийтина элча хилар, массо халкъ нисдаран дуьхьа. Оцунах тоам бина ца севцца уьш, муххале а цуьна кхайкхамах ца бaшa а, белa а, цуннa а, цуьна царна гIийла хеташ, цуьнгa а, цуьна кхайкхаме а ийман диллинчу асхьабашна а ( накъосташна ) цатемаш, новкъарлонаш ян буьйлабелла уьш.

Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.