Красная шапочка (на чеченском языке)

Красная шапочка (на чеченском языке)
Категория Фольклор
Язык Чеченский (ce)
Описание

ЦIЕН КУЙ БЕРГ

Цхьана заманахь ехаш-Iаш яра цхьа хаза жима йоI. Комаьрша, дика йоI яра иза. Хьанна а, цкъа бен ца гинчунна а, даггара езалора иза. Амма массарначул а дукха езара и йоI цуьнан бабина. Ша хIун дийр дара те йоIана хазахетийта, бохуш, ойланаш еш Iара иза.
Цкъа бабас цунна совгIатана цIен бархатан куй беллера. И цIен куй шегахь чIогIа товш болу дела, цхьа а кхиберг тилла ца лаьара йоIана. Цундела наха цунна цIе тиллира – ЦIен Куй берг аьлла.
– Хьовсал, ЦIен Куй берг йогIу! – олура цара.
Цхьана дийнахь нанас йоIе элира:
– Схьайолахь, ЦIен Куй берг, хIара чIепалгаш а, шура а хьайн бабина дIахьохьа. Баба цомгуш хилла. Иза сиха тоялийта, цунна юург яо еза. Сихха кеч а лой, де тIех дохдалале, гIой, йола. Варелахь, сан хьомениг, некъа тIера цхьанна а агIор дIа ца йолуш, нийсса дIагIолахь. Хьо дIакхаьчча, бабин де дика дан йиц а ма лолахь.
– Нана, дерриг а, ахь ма-хьеххара, дийр ду ас, – элира ЦIен Куй болчо...

Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.