Волк и семеро козлят

Волк и семеро козлят
Категория Фольклор
Язык Чеченский (ce)
Описание

БОРЗ А, ВОРХI БУЬХЬИГ А

Ехаш Iаш яра цхьа газа. Цуьнан ворхI буьхьиг яра. Цкъа хьуьнах яха кечъелира иза, юург ян. Шен ворхI буьхьиг тIе а гулйина, цо элира:
– Хьоме буьхьигаш, со хьуьнах йоьду шуна, ткъа шу хьовсалаш, барзах ларлолаш. Нагахь санна и кхуза ягIахь, цо шу ерриш а юур ю шуна. И зуламхо сих-сиха моттаргIанаш лелош хуьлу, амма шуна иза евзар ю стоммачу озах а, Iаьржачу когех а. Ткъа ас, со схьаеача, йиш локхур ю: «Бераш, хьоменаш, неI дIаеллалаш, шун нана цIа еана, шуна совгIаташ а деана».
Буьхьигаша жоп делира:
– Хьоме нана, тхо ларлур ду, хьо гIо хьайна, са ма гатде тхуна.
Газа новкъаелира.
Ткъа борз кора кIел лаьтташ яра, и дерриг а хезаш. Цо сацам бира, буьхьигаш Iеха а йина, уьш яа.
Жимма хан яьлча буьхьигашна хезира цхьаммо, неI а етташ, кхойкхуш:
– Бераш, хьоменаш, неI дIаеллалаш, шун нана цIа еана, шуна совгIаташ деана!
Амма, шайна цуьнан стомма аз хезча, буьхьигашна хиира, мохь беттарг борз юйла.

Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.