Заяц и еж

Заяц и еж
Категория Фольклор
Язык Чеченский (ce)
Описание

Пхьагал а, зу а

ХIара хIума цхьаболчара бакъ дац бохуш дуьйцу, амма сан дедас иза боккъал а хилла хIума ду олура. ХIара дийцар ша дийцина моссазза волу, цо хIара дешнаш тIетухура:
- Дера ду хIара боккъал а хилла хIума. Иза иштта ца хилча аса шуна дуьйцур дарий?
Ткъа цо дийцинарг хIара ду.
Иза аьхка дара, цхьана кIиранан дийнахь, цIен берцо заза доккхучу хенахь. Сийначу стиглахь къеггина схьакхетта лаьтташ малх а бара, кхашна тIехула меллаша хьоькхуш бовха мох а бара. Стиглара схьахезаш нIаьвлийн эшарш яра, цIен берцана юкъахь зуз деш накхара мозий а дара. Массо а дийна хIума сакъералуш яра, иштта сакъералуш зу а яра.
Куьйгаш тIекIел а дехкина шен цIийнан неIарна уллохь лаьтташ яра зу. Шен муцIар бовхачу махана дуьхьал а ерзийна, йиш лоькхуш лаьттара иза. ЦIаьххьана цунна дагадеара: «Сайн хIусамнана юьхь-куьг а дилина, кечъелла ялале, со кха тIехь хьаладолуш долчу хорсаме бIаьрг а тоха кхуьур ма яра».

Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.