Сладкая каша (на чеченском языке)
Описание
МЕРЗА ХУДАР
Цхьана заманахь шен ненаца ехаш-Iаш хилла цхьа эсала, дика йоI. Чохь даа хIума доцуш, чIогIа къен Iаш хилла и шиъ.
Цхьана дийнахь хьуьнах яхначу йоIана дуьхьалкхетта евзаш йоцу цхьа йоккха стаг. Цо йоIана кхийран кхаба елла. Цу кхабане: «Кхаба, кхехка йолало!» оллушехь, цу сохьта кхабано дика а долуш, мерза худар кхехкош хилла. Шега: «Кхаба, тоьар ду!» оллушехь, иза кхехкачуьра соцуш хилла.
ЙоIа и кхаба шен нана йолчу цIа еана. Цу хенахь дуьйна царна я мацалла а, я къелла а хIун ю хууш ца хилла. Цаьргахь массо а хенахь шайна ма-лиънехь даа мерза худар а хилла.
ЙоI цIахь йоцучу цхьана дийнахь нанас кхийран кхабане: «Кхаба, кхехка йолало!» аьлла хилла. Кхабано худар дина схьадалийтина. Шена юззалц худар диъна яьлла йолу нана кхабане кхехкачуьра саца ала йоллуш хилла, амма хIун дешнаш ала деза цунна дагадогIуш ца хилла.
Ткъа кхаба, цIе яьлча санна, кхехкаш хилла. Кхехкаш совдаьлла худар кхабанан йистехула охьаоьхуш хилла. Кхача кечбеш йолу чоь хьала а юьзна, церан цIа чухула дIаоьхуш хилла худар. Цул тIаьхьа церан уьйтIахула, кертахула, лулахойн керташкахула дIаоьхуш хилла худар. Церан берриг а ураман некъ дIалаьцна охьаоьхуш хилла иза. Ткъа кхаба, дерриг а дуьненна а худар кечдан йоллуш санна, кхехкаш хилла...