Гулдина йозанаш 2
Описание
Вевзаш волчу яздархочун Ахмадов Мусан гулдина йозанаш дуьххьара арахоьцуш ду. Уьш 5 жайнехь зорбатоха лерина. ХIокху гуларехь цхьаьнатоьхна дийцарш а, повесташ а. Иттех сов киншка (нохчийн а, оьрсийн а, французийн а меттанашкахь) арахецначу автора хIокху тайпана цхьаьнатоьхнарг ян а яц, ала мегар ду. «БочIа», «Деса бIар», «Десачу цIа чохь буьйса», «Денисолта», «Кхаа вешех туьйра», «Кхайкхар», «Хьан шовданан хиш», кхин дуккха а дийцаршкахь (дерриге 40 ду уьш), «Воккха стаг Очча», «Зингатийн барз а ма бохабелахь», «Иштта, дIавоьдуш, цу некъах ца туьлуш, чекхвала...», кхин а повесташкахь нохчийн къоман ерриг бохург санна синмехаллаш, синъоьздангалла карор ю. И мехаллаш говзачу маттаца, исбаьхьчу гIирсашца, тайп-тай- панчу басаршца, ойланийн бух боцчу маьIданашца ешархочуьн- га кховдо хаар -и ю яздархочун говзалла кхиъна хиларан билгало.