Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам

Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам
Год публикации 1991
Категория Образовательная литература
Язык Чеченский (ce)
Читать онлайн
Описание

ДЕШХЬАЛХЕ (Предисловие)
ХIара нийсаяздаран декъехь ненан меттан хазна алсам юкъалоцуш болу дуьххьарлера мехала болх лара мегар ду, хIунда аьлча вайн маттахь кхул хьалха хилларш кегий орфографически словараш яра. Кху нийсаяздаран словара юкъа ялийна исбаьхьаллин
литературехь, публицистикехь, халкъан барта кхоллараллехь, юкъараллин дахарехь шуьйра пайдаоьцуш йолу лексика (ненан меттан керла а, оьрсийн маттера вайн матте тIеэцна а долу литературни меттан дешнаш). Словарь вайн маттахь дошам бу.
Оьрсийн маттера вайн матте тIеэцначу билгалдешнийн суффиксаш ларъяр-хийцар а, нохчийн меттан доланиг дожар хIоттор а церан маьIнийн башхаллашка хьаьжжина хила деза, церан маьIнаш а ца дохош, масала: 1) грамматически классаш, грамматически талларш, 2) грамматикан дакъош, 3) районни комитет (райком), 4) районан бахам, мохк, латта, 5) Советски Союзан Коммунистически парти, 6) коммунистийн гIуллакх, 7) орфографически таллар, 8) орфографин дакъош а, принципаш а, 9) морфологически таллар, 10) морфологин дакъош, 11) литературни мотт, 12) литературан декхарш, 13) КПСС-н ЦК-н Ге-неральни секретарь, 14) СССР-н Лакхарчу Советан Президиум, 15) поэтийн кхолларалла, 16) поэтически талант. Иштта маьIница нийса хила деза дешан схьа-яьлла форма ялор а, масала: юьртара хьехархо (сельский учитель), белхалойн класс (рабочий класс), совхозан белхало (рабочий совхоза), центральни а, республикански а, областной а, районни а газеташ (центральные, республиканские, областные и районные газеты), республикан бахам, исторически кхиар (ткъа историн кхиар аьлча, кхин маьIна
ду).

Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.