Кисанахь лело нохчийн-Iаьрбийн къамелIаморг

Кисанахь лело нохчийн-Iаьрбийн къамелIаморг
Год публикации 2010
Категория Образовательная литература
Язык Чеченский (ce)
Читать онлайн
Описание

ХIара къамел Iаморан жайна Iаьрбийн мотт Iамочу нохчашна а, иштта нохчийн мотт Iамочу Iаьрбошна а лерина ду.

ДОШДОЛОР
ХIара къамел Iаморан жайна (къамелIаморг) Iаьрбийн мотт Iамочу нохчашна а, иштта нохчийн мотт Iамочу Iаьрбошна а лерина ду. ХIара къамелIаморг, тайп-тайпанчу темийн боккха барам шена чулацарал совнаха, дешархойн шуьй- рачу гонна хьажийна ю.

ХIокху барамехь дуьххьара арахоьцуш долчу нохчийн-Iаьрбийн къамел Iаморан жайнин дIахIоттамо иштта таро ло лексикин дакъойн къепенан гIоьнца уггаре а даьржина долу нохчийн, Iаьрбийн дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а ладам боллуш а, кхоччуш а карадерзо.

ХIокху къамел Iаморан жайнин джумлашна, дуккхаъчу дешархошна лууш дерг тидаме а эцна, транскрипцин хьаьркаш хIиттийна. Транскрипци Iаьрбоша дечу къамелана герга ялийна, йозанехь махиллара а йоцуш. Масала: яздийриг «ма исмука» 4делахь, Iаьрбоша «ма-смук» олу, ткъа яздийриг «кам уджрату хIазихIи-ль-гIурфати ли-йаумин вахьидин?» делахь, Iаьрбоша «кам уджра хIазихIи-ль-гIурфа ли-йаум вахьид?» олу, иштта дIа кхин а.

ХIара къамелIаморг хIокху заманахьлерчу меттанийн буха тIехь хIоттийна ю. Цо йовзуьйту нохчийн а, Iаьрбийн а меттанийн карарчу хенахь уггаре а мехала йолу лексика. ХIокху жайнин коьрта Iалашо - дешархошна нохчийн а, Iаьрбийн а меттанашкахь вовшашца тIекере хиларна гIодар ю. КъамелIаморг чекхйолучохь ялийна нохчийн-Iаьрбийн дошам а, Iаьрбийн-нохчийн дошам а. Дошамийн нохчийн меттан а, Iаьрбийн меттан а дерриге а дешнаш дIанисдина алфавитан рогIехь. ХIара жайна, дуьйцийла йоццуш, кхачамбацаршший, дерташший доцуш хир дац. Амма тхо дог тешна ду: нагахь дешархочо хIокху тIехь шена гучудевлла гIалаташ а, кхачамбацарш а авторе дIахаийтахь, хIара болх юха арахоьцуш уьш дIанисдийр хилар.

Iуспин Турпалан кIант Фарукъ

Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.