Еха буьйсанаш

Описание
Цхьа-ши шо хьовзале Кунта-Хьаьжин мурдийх цхьа барт болуш йоккха динан тоба кхоллаелира. Амма Кунта-Хьажин бартахойн хьежарш а дацара цхьанна догIуш. Масала, устаза холбатан гIийла дахар дIакхоьхьуш хиллехь, ткъа цуьнан герггарчу векалшний, гIоьнчашний эшшане а ца оьшура гIийла, къен дахар. Кунта-Хьаьжин хьехамех пайда а оьцуш, цара цхьаболчара бацабора кхетамна тIаьхьабисина вирдан вежарий, Далла азаллехь йаздинчунна, кхолламана къера хиле совца бохучу хьехамашца боьй дIабоккхура маршонехь къийсаман кхетам.
Абузар Айдамиран. Йеха буьйсанаш.