Нохчийн мотт 4 классана
Описание
Нохчийн мотт. Чеченский язык. (4 класс).
Iамийнарг карладаккхар
I. Предложени
Шардар 1.
Суьрташка хьовса.
3-4 предложених лаьтта текст хIоттае.
Шардар 2.
ДIадеша кицанаш. Дийца, хIун ду церан маьIна.
1. Хабарца ма къийса, куьйгаца къийса.
2. Къинхьегам адаман шолгIа нана ю.
3. Хьекъале хьаьжжина бен хуьлуш дац гIиллакх.
4. Ирсан догIа къинхьегамца бен хир дац.
5. ГIиллакх оьздангаллин бакъволу ваша ву. ТIера схьаязде. Шалхачу элпашна кIел сиз хьакха.
Дийца, муьлха кицанаш маьIница цхьаьнадогIу. Стенах лаьцна дуьйцу цара?
Шардар 3.
ДIадеша. Дийца, xIapa текст ешарца хIун керланиг хии шуна. Хьалхара сентябрь Хаарийн де ду. Иза билгалдоккху бераш Iамочу а, кхетош-кхиочу а дешаран заведенешкахь. Дешаран керла шо дIадоладо Машаран, Къонахаллин, Къинхьегаман, Оьздангаллин урокашна тIера. Дийца, хIун цIе тилла мегар дара оцу текстана. TIepa схьаязъе хьалхарий, кхоалгIий предложенеш. Шаьш язйинарш,
книги тIе а хьожуш, талла...