Дешаран книга
Описание
Беркате аьхке
Хь. Хасаев
Іалам! И дош доца делахь а, шен чулацам кІорггера болуш ду. Адамийн а, дийнатийн а, берийн а, хьаннийн а дахар Іаламах хаьдда хила йиш йолуш дац. Лаьттахь долу дахар Іаламах дозуш, Іаламо латтош ду. Шен къайленех дуьззина, массо а хенахь шен хаза мур болуш ду Іалам. ХІун къайленаш хир яра Іаламан? – аьлла, хета тарло. Іалам дезаш хьо велахь, хьуна, и йоьшуш йолу хаза книжка санна, деша хуур ду, цунах пайда а оьцуш. Хаза бІаьсте чекхйолуш лаьттара. ТІейогІуш яра беркате аьхке. Аьхке адамашна уггаре а каде мур. Массо а акхарой, олхазарш шайн бІаьста дуьненчу евлла кІорнеш кхиош, Іалашъеш, уьш кога йохуьйтуш, синтем боцуш лелара. БІаьста санна, эшарш лоькхуш, ловзуш лела йиш яцара. Іуьйранна синбилгалонаш гучу ма-евллинехь, хьала а гІаьттина, хьо араваьлча, хьан бІаьрг кхийтира Орган тогІи чухула дижинчу дахкарх, ткъа бацалахь, жовхIарш санна, лепаш тхи дара. Хьуна хета тарло: и-м хІумма а доцург ма ду аьлла. Иза иштта дац. Иза цхьа къайле яра. Оцу Органца дижинчу дахкаро а, бацаларчу тхино а беш берг хаам бара, де декхна хир дуйла хоуьйтуш. Малх гучу ма-белли, дохк дІадайра, тхи диллина буц Іовдаелира. Іалам малхана делакъежаш дІахІоьттира. Цул совнаха, ахь дика тидам бича, хьайн ков-кертара дуьйна хьуьн чу кхаччалц бечу новкъахь дуккха а хІуманаш хуур ду хьуна. Іаламо шен къайленех пайда оьцуьйтур бу