Цхьана юьртахь Iаш-вехаш цхьа къонах хилла, шен ницкъ хиларна а, лата хаарна а наха "ЧIогIа леташ волу Мохьмад" аьлла цIе йоккхуш а волуш. Цуьнца ницкъ къовса стаг кхин висина ца хилла церан кхоштанехь. Делахь а, цхьана заманчохь хабар кхаьчна вайн къонахчуьнга: мехкан дехьа маьIIехь Iаш-вехаш цхьа "ЧIогIа леташ волу Iусман" ву, аьлла. Кхин дукха ойланаш а ца йеш, шен сира дин тIе а хиъна, новкъа ваьлла хIара цу деннехь.

Иштта, воьдуш, дIакхаьчна хIара оцу накъостан юьрта. Нахе хоьттуш, цуьнан ков-керт а карийна, мохь тоьхна хIокхо:

– Ассаламу Iалейкум! ЦIахь дуй шу? – аьлла

Дуьхьал яьллачу хIусам-нанас жоп делла:

– Ва Iалейкум ассалам! Марша вогIийла хьо! Ахь лоьхушверг Iуьйренца тхан ламчохь долчу басе мангал тоха вахана ву-кх, – аьлла

ДIа ламчу хаьхкина къонахчо шен дин. ДIакхаьчначу хIокхунна дуьхьал сурт хIоьттина: Iусман шен мангал а тухуш, ламчу хьала а вирзина, воьдуш хилла. Шен цецвалар гучу а ца доккхуш, хьала мохьтоьхна Мохьмада:

– Ассаламу Iалейкум, Iусман! – аьлла

[AdSense-A]

Юха а вирзина, хIокхунна дуьхал вистхилла мангалхо:

– Ва Iалейкум ассалам! Марша вогIийла хьо! Хьо мила ву? Хьенан ву? ЦIера мичара ву? ХIун гIуллакх дохьуш веана хьо? – аьлла

ТIаккха шен бала бийца волавелла хьаша:

– Сан цIе Мохьмад ю. Со хьенехера минех ву. ЦIера цигара ву. Тхан кхоштанехь "ЧIогIа леташ волу Мохьмад" аьлла цIе яхана ву. Хьох лаьцна долу цхьацца "деза" хабарш а хезна, хьоьца ницкъ къовса веана ву со. Чувосса цигара, летар ву вайшиъ. – бохуш

Iусмана дуьхьал къамел дина тIаккха:

– Хьажал, накъост, ахь дуьйцург нийса хIума дац. Со цхьанце ницкъ къуьйсуш лелаш вац, я даьлла дов а доцуш лета Iемина а вац. Цул совнаха, наха дуьйцуш долчу хабаршка ладоьгIуш лелаш вац со. Ткъа хьо, таханлерчу дийнахь, сан хьаша ларалуш ву. Цулле а вайшиъ со волче чу а вахана, хаза уьстагIна урс а хьаькхина, хIусам-нене жижиг-гала а дайтана, луьш-олуш Iийра ву. Гергарло лелор ду вай, девна меттана. Юха а аьлла Iусмана, тIаккха а аьлла, шен ма-хуьллу хаза а олуш, амма Мохьмад реза хуьлуш ца хилла. Шен девне къамелаш дечура соцуш ца хилла хьаша. Эххаре а, иза кхин юха ца ваьлча, Iусмана шен мангал схьаэцна, юха ламчу хьала а вирзина, элира бах:

– Дика ду делахь, хIокху сан мангалах ларлуш, тIехьашхула тIекхета суна.