Къонах
Ву и къонах шен ненан мотт ларбеш валахь,
Ву и къонах гӀиллакх шегахь долуш велахь.
Ву и къонах оьздангалла шеца ялахь,
Вац и къонах шен ненан мотт ларбеш вацахь.
Вац и къонах оьздангалла шеца яцахь,
Вац и къонах шегахь гӀиллакх дацахь.
Ву и къонах шен ненан ларбеш валахь,
Ву и тӀаккха вуьззина къонах!

Хьехархо
Ӏамий ахь тхуна и нохчийн мотт,
Ӏамий ахь тхуна и цӀена бийца.
Ӏамий ахь тхуна и нохчийн мотт,
Бовзийти ахь тхуна и нохчийн халкъа поэташ.
Царех цхьа берш бу Арсанукаев шайхи' а, Мамакаев Мохьмад а.
Ӏамий ахь тхуна цӀердош бохург хӀун ду,
Ӏамий ахь тхуна билгал дош бохург хӀун ду.
Ӏамий ахь тхуна хандош бохург хӀун ду,
Баркалла ду хьуна уьш ахь тхуна довзийтарна.
Баркалла ду хьуна тхан нохчийн меттан хьехархо!!

Ӏожалла
Ӏожалла йу хьуна хьо миччахьа а велахь,
Верлахь Ӏожалла бохучу дашна ледарло ма йелелахь,
Ӏожалло хьо миччахьа а велахь дӀавуьгу хьуна хьо шеца .
Варелаш лар лолаш,
Ши пӀелг биллала йолчунна дола ткъа лелаш.
Дехар ду сан шуьга сан хьоме йижарий вежарий!

Нана
Сан хьоме нана ,
сандега марзо ма йу хьо.
сан дега йовхо ма йу хьо ,
Хьо йацахьара аса хӀундийр дара .
Нана соьгара ледарло йаьллехь къинтӀера ялахь суна ,
Нана хьоьх лаьцна ала дуккха а дешнаш ду , уьш ала тоьар дац суна.
Нана баркалла ду хьуна ахьа со гӀиллакхе а , оьзда а кхиорна!

Оьзда йоӀ
Нохчийн йоӀ оьзда хила йеза,
Нохчийн йоӀ гӀиллакх шегахь долуш хила йеза.
Нохчийн йоӀ шеца оьздангалла йолуш хила йеза,
Нохчийн йоӀа ледарло ялийта ца еза шегара.
Нохчийн йоӀ хила ца йеза гӀиллакх шегахь доцуш,
Нохчийн йоӀ хила ца йеза оьздангалла шеца йоцуш.
Нохчийн йоӀ хила йеза оьздангалла шеца йолуш,
Оьзда йоӀ хила йеза гӀиллакх шегахь долуш.
ТӀаккха хир ю и юьззина оьзда йоӀ!!

Гуьйренан тӀаьхьарлера денош
ХӀай гуьйре хьо-м баккъала хаза-м хилла,
ХӀай гуьйре хьо-м ца хилла ирча .
ХӀай гуьйре хьан тӀаьхьарлера денош ду хӀинца,
Хьоьха со дӀакъаьсташ сан даге ца лало.
ХӀай гуьйре хьоьца Ӏадика йохан тӀекхаьчна хӀинца,
Гуьйре хьо тӀейеъначу хенахь бӀаьсте йеанча санна хаза ма хеттера суна.
ХӀай гуьйре хьо тӀейеача сан дог ловза делира!
ХӀумма а дац хӀай гуьйре иза Делан лаам бу.