Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #225

Дукха хан йоццуш, белхан гӀуллакхца ша Москва вахана волуш, Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Россин промышленностан а, махлелоран а министраца Мантуров Денисца. Цигахь Д.Мантуровс хаийтира вайн республикин промышленность кхиоран "белхан карта" хӀотторна тӀехь ша куьйгалла дечу ведомствос а, Нохчийчоьнан промышленностан а, энергетикин а министерствос а цхьаьна къахьоьгург хилар. Республикин промышленностан а, энергетикин а министра Хакимов Адама дийцина оцу "белхан карти" йукъа гӀур йолчу кластерийн хьокъехь. "Цу йукъа, уггаре а хьалха, промышленностан инфраструктура кхоллар гӀур ду - индустриальни паркаш а, технопаркаш а кхоллар. Керла паркаш йар а, хӀинццалц хилларш цӀинйар а ду иза. Иштта парк Россехь 380 йу, ткъа царах 4 процент бен йац Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь. Оцу декъехь къахьега вайна "меттиг" хилар гойту цо", - хаам бина министра. РогӀехь богӀу Промышленностана гӀо даран фондан болх. "Даханчу шеран чаккхенехь дуьйна болх бан йолайелла Промышленностана гӀо даран фонд. Иза вайна чӀогӀа оьшуш йара, хӀунда аьлча, оцу индустрина субсидеш а, гIоленаш йар а оьшура. Ткъа вай йуьйцучу фондо, коьртачу декъана, промышленностан декъехь къахьоьгучу предприятешна гӀо дийр ду", - тӀетоьхна Хакимов Адама. Министра дийцарехь, тидамза дуьтур дац машенаш йарца доьзна дакъа а. "Иза оьшуш хилар тидаме а оьцуш, машенаш йаран дакъа кхио а дагахь ду вай. Россин пачхьалкхан цхьамогӀа корпорацешца дийцаре деш гӀуллакхаш ду вайн карарчу хенахь. Оцу белхан тӀаьхье кхиаме хилахь, пачхьалкхан корпорацешна машенаш йаран гӀирсаш латто аьтто хир бу вайн", - билгалдаьккхина цо. Иштта, аьчкан кластер кхиорна тӀехь къахьоьгург хилар а хаийтина Хакимов Адама. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал