Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #233

"Арара библиотекаш" схьайелларехула долу НР-н культурин министран Кадырова Ӏайшатан дӀадолор Орёл гӀала а кхаьчна. Нохчийн авторийн произведенеш йовзийтаран "Арара библиотека" оцу гӀалахь а йу хӀинца дуьйна. Меттигерчу Культурин а, садаӀаран а паркехь и "библиотека" схьайиллина Орёлан областехь НР-н Куьйгалхочун векал волчу Байсаев Амира. ❗паркан адрес - Орёл, М.Горькийн ур., 36. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал