Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #248

Нохчийчу кхоьхьуш долчу йоьхьашкахь (колбасаш), царна тӀехь "Халяль" билгало йоллушехь, хьакхин жижиг хилар билгалдаьлла. Оцу декъехь таллам дӀабаьхьнарг НР-н Правительствон Ветеринарин урхалла йу, ткъа экспертиза йинарг - и белхаш бан бакъо йолу "Кропоткинера ветеринарин лаборатори" (Краснодаран край). Билггал аьлча, дуьйцуш долу йоьхьаш "Кавказская", "Одесская", "Каспийская" ду. Уьш Ставрополан махкарчу Кисловодскехь деш ду (ИП Татаркулов). Цуьнца а догӀуш, НР-н Правительствон Ветеринарин урхаллин векалша, тидаме а хилахьара, дуй а хууш вайн республикера долу йоьхьаш а эцахьара аьлла, бахархошка кост-кхайкхам бина. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал