Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #287

Коммерцин объекташкахь цӀецайалийтаран кхерамазаллин лехамаш ларбар толлур ду вайн махкахь. Иштта тӀедиллар дина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу декъехь къахьоьгур ду секторийн кураторша, кӀоштийн префекташа, НР-н экономикин а, йукъараллин а кхерамазаллин советан а, бакъонаш ларйаран органийн а векалша. Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхина и болх баро муьлххачу а чолхечу хьолехь каде хьовза а, Нохчийчоьнан бахархойн могашалла Ӏалашйарна оьшшург дан а аьтто бийриг хилар. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал