Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #302

Россин Президентан Къилбаседа-Кавказан ФО-чу векалалло хаийтина Донбассера мухӀажарш округерчу субъекташкахь а дӀатарбийриг хилар. Билггал аьлча, уггаре а дукха мухӀажарш ГӀалгӀайчохь дӀатарбийр бу - 750 стаг, ткъа уггаре а кӀезиг - Кхарачойн-Чергазийчохь - 150 стаг. Кхечу субъекташкахь уьш дӀатарбаран терахьаш иштта ду: Нохчийчоь - 700 стаг, Дагестан - 600 стаг, Къилбаседа ХӀирийчоь - 500 стаг, ГӀебартойн-Балкхаройчоь - 400 стаг, Ставрополан край - 200 стаг. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал