Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #323

Ӏаьрбийн а, бусалбанийн а мехкашкахь Нохчийчоьнан Куьйгалхочун векал волчу Даудов Туркон цхьаьнакхетар хилла Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Россехь векал волчу Мухьаммад Ахьмад Аль-Джаберица а, цуьнан заместитель волчу Хьамад Рашид Аль-Хьабсийца а. Цигахь дийцаре дира Ӏаьрбийн Эмираташна а, Нохчийчоьнна а йукъара гӀуллакхаш, иштта, Россин а, Эмиратийн а доттагӀаллин гурашкахь уьш чӀагӀдар а. Шен къамелехь Эмиратийн векала билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Ӏаьрбийн Эмиратийн куьйгаллин а вовшашца вежараллин уьйраш хилар, вайн махкаца йолу зӀенаш шорйан а, чӀагӀйан а шаьш кийча хилар тӀе а тухуш. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал