Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #324

Хууш ма-хиллара, хӀокху деношкахь, вайн махка кхоьхьучу цхьамогӀа йоьхьашкахь (колбасаш), тӀехь "Халяль" билгало а йоллушехь, хьакхин жижиг хилар билгалдаьлла. Оцу декъехь таллам дӀабаьхьна НР-н Правительствон Ветеринарин урхаллин векалша, ткъа экспертиза йина "Кропоткинерчу ветеринарин лабораторис" (Краснодаран край). Билггал аьлча, дуьйцуш долу йоьхьаш "Кавказская", "Одесская", "Каспийская" ду. Уьш Ставрополан махкарчу Кисловодскехь деш ду (ИП Татаркулов). Цуьнца а догӀуш, НР-н Правительствон Ветеринарин урхаллин векалша, тидаме а хилахьара, дуй а хууш вайн республикера долу йоьхьаш а эцахьара аьлла, леррина кост-кхайкхам бина бахархошка. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал