Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #337

Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, Махьмудан Ахьмад! Сайн а, нохчийн маттахь цхьаъ бен доцчу "Даймохк" газетан белхахойн а цӀарах декъалво шуьшиъ Ненан меттан дуьненайукъарчу денца! Ненан мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а декъехь вайн махкахь дина а, деш долу а гӀуллакхаш, дийца а ца оьшуш, гуш ду. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан) некъан беркат ду иза. И некъ дӀахьочу Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна тешаме накъост а волуш, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран даржехь къахьоьгучу Дудаев Махьмудан Ахьмада тахана декъалбина "Даймохк" газетан белхахой. Церан а, сайн а цӀарах ас даггара баркалла боху цунна тхо дагалацарна а, тхан ларам а, тидам-терго йарна а. Дела реза хуьлда хьуна, лараме Махьмудан Ахьмад! © "Даймохк" газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал