Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #355

Нохчийн халкъ кхолладелла эзарнаш шераш делахь а, йукъара цхьа пачхьалкх а кхоьллина дахаре хьашто йоцуш даьхна. Бакъду, нохчийн халкъ тайпанашка, тукхамашка "декъаделла" хиллехь а, вайн халкъан йукъара цхьа мотт, гIиллакхаш а, Iадаташ а хилла, махкахь низам, къепе латтош Мехкан-Кхиэл а хилла. Цу йукъахь хилла тайпанийн векалш. Церан кхеташонашкахь къастош хилла махкана а, халкъана а оьшуш долу дерриге а гIуллакхаш. Амма вайн таханлерчу светски пачхьалкхан билгалонаш ца хилла хIетахь Нохчийн махкахь. • кхидӀа йеша газетан №13 лоьмарехь а, daymohk-gazet.ru сайта тӀехь а #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал