Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #363

Жигара дӀахьош бу Соьлжа-ГӀалахь керла а, кхузаманахьлера а аьчканекъийн вокзал йаран белхаш. Оцу белхашка а хьожуш, иштта, цигарчу белхалошна баркалла а олуш цигахь хилира НР-н транспортан а, зӀенан а министр Черхигов Рамзан. Ша вокзал йаран майдане хьаьжна ца Ӏаш, белхаш дӀабирзича цуьнан хир йолу куц-кеп а тидаме ийцира министра. Цул сов, цуьнан болх дӀаболо лерина хан а билгалйаьккхира - тӀедогӀучу шеран чаккхе. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал