Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #369

Россин арахьарчу гӀуллакхийн министерствехь дӀадаьхьна леррина цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалаьцна оцу ведомствон куьйгалхочун заместителан М.Богдановс, Катаран Россехь волчу векала Ахьмад бен Насер Аль Таниса, Ӏаьрбийн а, бусалбанийн а мехкашкахь Нохчийчоьнан Куьйгалхочун векал волчу Даудов Туркос. Дийцаре дина Катаран а, Нохчийчоьнан (Росси) а вовшашца йолу зӀенаш чӀагӀйаран а, уьш керлачу тӀегӀане йахаран а гӀуллакх. М.Богдановс а, Т.Даудовс а дийцина таханлерчу Нохчийчоьнах а, цуьнан экономиках а, туризмах а, инвесторшна кхоьллинчу хьелех а лаьцна, Ӏаьрбийн инвесторш республикехь болх беш хилар тӀе а тухуш. Катаран векала хаийтина Катаран Эмир шайх Тамим Бин Хьамад бин Хьалифа а, Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан а вовшийн вевзаш хилар, таханлерчу цхьаьнакхетаро Катаран а, Нохчийчоьнан а зӀенаш чӀагӀйарна Ӏаткъам бийриг хилар билгал а доккхуш. Оцу декъехь оьшшуш долу гӀо-накъосталла дан кийча йу Катаран Россехь йолу векалалла. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал