Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #374

"Нохчийн а, гӀалгӀайн а историн уггаре а бохамечу, чолхечу терахьех цхьаъ ду чиллин 23-гӀа де", - йаздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте чуьрчу шен агӀонехь. Цо билгалдаьккхина вайн халкъаш, массо а халкъаша неӀалт кхайкхийначу Сталин Иосифан омрица а догӀуш, адамалла йанне а йоцчу зуламо 1944-чу шарахь "лаьцна" хилар - вайн махкара ара а дохуш, Сибреха а, Йуккъерчу Азе а дӀакхалхор. Фашисташца цхьаьнагӀуллакхдар аьлла, хӀетахь вайна бехке диллина хилларг цхьа а бух боцуш хиларх а йаздина Кадыров Рамзана, оцу бохамехь дуккха а вайн нах кхалхар тидаме эцча, цунах халкъана тӀехь таӀзар дар ала догӀуш хилар тӀе а тухуш. ХӀетахьлерчу бохамехь кхелхинарш гуттар а вайн иэсехь лаьттарг хилар хаийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо. Цул сов, хӀетахь вайн халкъана харцонца "тиллина" цӀе а йожош, историн нийсо 2015-чохь меттахӀоттор а тидаме эцна цо - Россин Президента Путин Владимира Соьлжа-ГӀалина "БӀаьхойн сийлаллин гӀала" цӀе тиллар. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал