Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #381

ИДРИСОВ АБУ-ХЬАЬЖА. ТIамехь, иччархо а волуш, цо хIаллаквина 349 фашист. Командованин тIедахкарш дика кхочушдарна, фашисташца хиллачу тIемашкахь шегара майралла а, хьуьнар а гайтарна, СССР-н Лакхарчу Советан 1944-чу шеран асаран (июнь) беттан 3-чу дийнахьлерчу Указаца "Советийн Союзан Турпалхо" сийлахь цIе а, Ленинан цIарах йолу орден а, "Дашо седа" мидал а йелла цунна. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК #МОЙЗАЩИТНИКОТЕЧЕСТВА

Показать оригинал