Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #387

БЕЙБУЛАТОВ ИРБАЙХАН. Мелитополь гIала мостагIчух паргIатйоккхуш хиллачу тIамехь дакъалоцуш хилла иза. Халачу хьелашкахь, гIалин урамашкахь дIахьош хиллачу тасадаларшкахь шегара хьуьнар а, тIом бан хааран говзалла а гайтина Бейбулатовс. Иза командир хиллачу батальоно йухатоьхна фашистийн 19 тIелатар, хIаллакйина 7 танк, 1 000 сов фашист. Ша Ирбайхана йохийна цхьа танк, хIаллаквина 18 фашист. Цуьнца цхьаьна, оцу тIамехь дакъалоцуш цуьнан вежарий Мохьмад а, Махьмуд а, Бийсолта а хилла. СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман 1943-чу лахьанан (ноябрь) беттан 1-чу дийнахьлерчу Указаца, кхелхинчул тIаьхьа, "Советийн Союзан Турпалхо" сийлахь цIе йелла цунна. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК #МОЙЗАЩИТНИКОТЕЧЕСТВА

Показать оригинал