Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #491

Instagram чохь дӀакъевлина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчин @ya_pomoshnik_kra_95 агӀо. 8,4 млн тӀейазвалархо волчу шен агӀонехь Даудов Ӏумара довзуьйтура Нохчийн Республикица а, республикин Куьйгалхочуьнца а доьзнарг. Цул сов, оццу агӀонехь нислора Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дуьххьалдӀа эфире валар а. И агӀо дӀакъовлар забаре а дерзош, Telegram чуьрчу шен каналехь йаздина Кадыров Рамзана: "... Оьшуш ма ца хиллера хьайн агӀонехь соьца дуьххьалдӀа эфираш йан". #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал