Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #686

Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дӀадолорца а догӀуш, Россехь мел болчу журналисташлахь а, блогершлахь а конкурс дӀакхайкхийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо. Россин Федерацина дуьхьал дӀахьочу хаамийн тӀеман муьрехь мехкан Ӏалашонаш а ларйеш, гражданийн жигаралла гайта йезаш бу дакъалацархой шуьйрачу хаамийн гӀирсашкахь а, Интернета чохь а - питанчашна дуьхьало йарца а, цара вайн бахархой Ӏехабарца а, фейкаш йаржорца а къийсам латторца а, и.д.кх.а. Оцу хьокъехь хаам бинчу НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада толамхочунна кхочур долу совгӀат а довзийтина - 500 эзар ₽. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК #МЫВМЕСТЕ #СВОИХНЕБРОСАЕМ #ВРЕМЯПОМОГАТЬ

Показать оригинал