Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #687

Фейкийн хьокъехь долу закон тӀедуза деза аьлла, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram чуьрчу каналехь дина дӀахьедар къобалдина Россин Пачхьалкхан думехь. Оцу хьокъехь хаам бинчу Пачхьалкхан думин депутата Хинштейн Александра хаийтина эскаран хьокъехь фейкаш йаржорна жоьпалла тӀедожош долчу законехь хийцамаш бийриг хилар. И хийцамаш Пачхьалкхан думин хаамийн политикин а, хаамийн технологийн а, зӀенийн а комитетан векалша бан лерина бу. Цаьрца а догӀуш, дуьйцучу законан лехамаш эскархойн хьокъехь хилла ца Ӏаш, Къоман гвардин бӀаьхойн хьокъехь а хир бу. Иза дара Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен дӀахьедарехь "кховдийнарг" а. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК #СВОИХНЕБРОСАЕМ #ВРЕМЯПОМОГАТЬ

Показать оригинал