Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #689

ЦӀе-Веданахь а, Ӏалхан-Йуьртахь а, Роьшни-Чохь а, Шалажахь а хийисташ чӀагӀйаран а, Соьлжа-ГӀалахь а, Устрада-ГӀалахь а мехкадаьттан тӀаьхьалуонаша бехдина латтанаш дӀацӀандаран а декъера белхаш дӀабахьар дийцаре дина Нохчийчоьнан Премьер-министран М.Хучиевн а, Россин Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, экологин а министран А.Козловн а Москвахь хиллачу цхьаьнакхетарехь. Оцу хьокъехь хаам бинчу М.Хучиевс хаийтина шаьш мел айъинчу гӀуллакхех А.Козлов кхеташ хилла хилар, оьшшуш болу сацамаш цо бийриг хилар тӀе а тухуш. Билгалдоккху М.Хучиевца цхьаьна цигахь НР-н Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, гуонахара Ӏалам Ӏалашдаран а, НР-н промышленностан а, энергетикин а министраша С-М.Темирхановс а, А.Хакимовс а дакъалацар. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал