Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #796

Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькам Делимханов Шарип @rosgvard_chr кхалхар харцдина НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада @ahmed_95kra. Иза кхелхина цахиларна тоьшалла а далош, видеокийсак зорбатоьхна министра социальни сеташкарчу шен агӀонашкахь. Делимханов Шарип кхалхаран хьокъехь фейкаш йаржийна хилар а хоуьйтуш, ша зорбатоьхначу видеокийсакца догӀуш долу йоза иштта дерзийна Дудаев Ахьмада: "... Дала Ӏалашвойла, ВАША! АХМАТ - СИЛА! АЛЛАХӀУ АКБАР!". #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК #ВРЕМЯПОМОГАТЬ #СВОИХНЕБРОСАЕМ #МЫВМЕСТЕ

Показать оригинал