Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #813

Украинин хьокъехь Ӏамаркан Цхьаьнатоьхначу Штаташца къамел цадарна Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн а, СаӀудийн Ӏаравин а Ӏедална баркалла аьлла Нохчийчоьнан Куьйгалхочо. Оцу хьокъехь кост Telegram чуьрчу шен каналехь зорбатоьхна Кадыров Рамзана. "Иштта къамелаш дарца Украинехь болчу бандеровцашна дуьненайукъара гӀо-накъосталла чӀагӀдар а, мехкадаьттан мехаш хьаладовлар сацор а дара Штатийн Ӏедалан Ӏалашонехь. Украинин хьокъехь шайн хьежам хиларна а, вайн мехкан агӀо лацарна а сайн а, Россерчу 30 млн бусалбанийн а цӀарах ас баркалла боху сайн вежаршна - Мухьаммад бен Зайед Аль Нахайанна а, Мухьаммад ибн Салманна а", - йаздина цо. Вайн махкана дуьхьал дерриге а дуьне даьллачу муьрехь цара доттагӀаллин гӀулч йаккхар ша дицдийриг цахилар а хаийтина Кадыров Рамзана. "Ишттачу хьолехь гучудолу Россин доттагӀ а, накъост а мила ву. Вай дуьсур ду, Ӏалашонаш чекх а йохур йу вай, иштта, Россица шайн йоллу йукъаметтиг гайтинчу пачхьалкхийн хьокъехь сацамаш а бийр бу", - дерзийна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал