Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #819

Мискачу доьзалшна Соьлжа-ГӀаларчу Висаитовн кӀоштахь керла 22 хӀусам йина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо. Керла хӀусамаш схьайелларехь дакъалецира НР-н вице-премьера Ӏ-К.Эдиловс, НР-н вице-премьера - Йуьртан бахаман министра И.Закриевс, Соьлжа-ГӀалин мэра Х-М.Кадыровс, цхьамогӀа министраша, бакъонаш ларйаран органийн векалша, Ӏеламнаха, пачхьенан кӀоштийн префекташа, маьршачу бахархоша. ХӀора а цӀа чохь оьшшуш долу хьелаш ду кхоьллина, йийбара тӀера берийн чоьнан биста кхаччалц. Йина кхачо йу токаца а, хица а, газаца а. Иштта, тойина уьйтӀеш а, рагӀун кӀелош а йу. Цул сов, кетӀеш а битаме йалийна, ткъа тӀедогӀучу некъашка диллина силаман чкъор. 📷@grozny_inform #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК #РОФ

Показать оригинал