Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #835

Украинехь дӀахьочу лерринчу тӀеман операцехь дакъалоцучу Нохчийн Республикерчу бӀаьхойн доьзалшна рогӀера гӀо-накъосталла дина - хӀора а доьзалан хьоле хьаьжжина, 20 эзар ₽ 100 эзар ₽ кхаччалц ахча делла царна. Цул сов, сурсаташца кхачо а йина. Оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина и гӀуллакх Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо, вуьйцучу нохчийн хӀора а бӀаьхочун доьзална 50 эзар ₽ а луш, хӀокху деношкахь дӀабаьхьначу беркатечу белхан тӀаьхье хилар. И гӀуллакх дӀадаьхьнарш Мусин Медни а, НР-н культурин министр Кадырова Ӏайшат а, Соьлжа-ГӀалин мэрин ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькам Кадырова Хадижат а хилар хаийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо. Царна баркалла аьлла цо Telegram чуьрчу шен каналехь оцу мехалчу гӀуллакхан хьокъехь ша бинчу хаамехь. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК #СВОИХНЕБРОСАЕМ

Показать оригинал