Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #894

Вайн махкарчу кегийчу къаьмнийн культурин туьшашна а, автономешна а рогӀера а, доккха а гӀо-накъосталла дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо. НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос вовшахтоьхна и беркате гӀуллакх селхана Парламентехь дӀадаьхьна. Билггал аьлча, лакхахь хьахийначу культурин туьшашна а, автономешна а шайн къаьмнийн барзакъаш а, музыкин гӀирсаш а кхаьчна. Цул сов, оргтехникица а, офисашна леринчу йийбаршца а кхачо йина царна Фондо. #Даймохк #ДаймохкГазет #Нохчийчоь #НохчийнМотт #ЧеченскийЯзык

Показать оригинал