Как переводится Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ, Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь. "Сов къен бу дешнашна,бац атта кхеташ"!- Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь. Ладог1а цкъа соьга,"хьекъале корта", Ладог1а,яккхи д1а лергара потт: Йистйоцу х1орд санна,бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт. Г1иллакхе,оьзда бу доттаг1че буьйцуш, Мостаг1че вистхуьлуш-ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш, Бека и,шех хуьлий хьан деган мерз! Мерза бу,моз санна,ша безачунна, Ламанан шовданал ц1ена бу и. Лермантовс,Толстойс а ладег1на цуьнга, Услара даггара хестийна и. Б1ешараш хийла а ихна и бекаш, Хьацарлахь,къийсамехь кхиъна и бу. Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш Даиман ша хилла нохчийн мотт бу. Вайн халкъан ойланаш,дахар а г1ийла Далхадеш,къийсамна г1иттина цо. Нохчочун майралла,оьздалла хийла Зевнечу иллешкахь екийна цо! Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна, Нохчашна шайн ненан мотт хьоме бу. Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн халкъацанна, Хаалахь,декъазниг,-хьо цхьалха ву!?

Гость - добавлено 5 лет назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.