Как переводится 009 в 23:35 ДАЙМАХКЕ БЕЗАМ Дерриге седарчий схьадаларх сайна, Дуьненан бахамаш кховдабарх схьа, Хуьйцур бац сайн Даймохк массарел тайна, Ког билла меттиг а - ду и сан ц1а!. Аренаш, лаьмнаш вовшашца дог1у, Сирла хиш, шовданаш мел чомехь ду, Буьйсанна бутт стиглахь цхьа башха богу, Гонаха хезаш берг ненан мотт бу. Гунараш, генараш вовшийн чу леста, Тешнабехк, ямартло цхьангахь а яц. Безамийн алонаш дегнашкахь кхерста, Хьаг1 дагца лелош верг наггахь а вац. Сий долчу сайн мехкан, хьомечу халкъан, Сий лардеш са дала кийча ду дог. Сан безам хир а бац цу шинге шалха Харц делахь хуьлийла шийла т1улг сох?
Гость
- добавлено 4 года назад