Реклама
Реклама
Как переводится Бисолта, денна шен мангала а воьдуш, Зайнди лаха д1асхьа т1аьхьа ца волуш, 1ад1ара. Цунна хаьара, иза Дадалг1еран ц1ахь, шен доттаг1 1алболат волчохь, 1аш вуйла. Зайнди 1алботатца Михайловске деша ваха барт бина вуйла-м ца хаьара Бисолтина. Кхана д1аваха веза аьлла Зайндий, 1алболаттий кечвелла 1ачу дийнахь еана копирацина товар дохьуш Соьлжа – Г1алит1ера грузовик кхечира. Цу т1ехь и шиъ Соьлжа – Г1алит1е а веана, цигара машинаца Михайловске вахара. Бутт белира. Кхо бутт а белира. Зайндий, 1алболат Михайловскехь ч1ог1а доьшуш вара. Бисолтг1арна хиънера, Зайнди 1алболатца Михайловске деша вахнийла. Боьалг1ачу беттан пхоьалг1ачу дийнахь Бисолтг1еран кет1а веанчу цхьа жимачу стага – Х1е-е, чохь дуй шу? Бисолта? – аьлла, з1арах г1аж а тухуш, мохь туьйхира. – Да дера чоххьа-м тхо! Х1ун дора ахь? – аьлла, кет1а веара Бисолта. – Х1ара кехат даийтина шуьга, Зайндигара ду моьттуш а ву со х1ара, – аьлла, Бисолте кехат д1а а кховдийна, чехка юхавирзира и жима стаг.?
Гость
- добавлено 5 лет назад