Языковые курсы ishkola.com
Реклама
Языковые курсы ishkola.com
Реклама

Как переводится Нана. Нена ойла дагчуьра дIаяьлла зама йогIур яц, иза йоцуш вай дисча а. Массо а нана хаза а, оьзда а, комаьрша а, къинхетаме а, собаре а ю. Кхин а ма дукха ду-кх цуьнца дика хIуманаш. Нана дIаяьлча йоьIан дагтIера зезаг дужу, олуш ду вайн наха. Дика къант ву, ша цомгуш хилла а бен шен да-наний холча ца хIоттийнарг, олуш ду нохчийн киц. Дуьненчу девллачу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна лардеш ду бер ден а, ненан а безамо. Бер доккху хуьлуш, дозалла а деш, хьоьжу шен дега-нене, ма онда а, массо а хIума дан хууш а ву дада, ма хаза, мерза ю нана бохуш. Ткъа дас-нанас сатуьйсу шайн берех дика адамаш хиларе, шайн хиллачул а гIоле дахар хир дацар-те церан бохуш. Да-наний ду вай дахаран новкъахь дIадуьгурш. Вайн дайша олуш хилла, да-наний маликаш санна ду, цара лар а вийр ву, кIелхьара а вокхуш ву олий. Да-нана деза Iама! И шиъ дицдан ца деза, тIаьхьа байттамал ца хилийта. Вайн дайша къонах зуда ю олуш хилла, сий долуш, де долуш, къоманна тIе бала беача, шен дахар дIадала кийча йолчу зудчух. Нохчийн къоман актрисо Багалова Зулайс нохчийн мехкарийн а, зударийн а сий дар схьадогIуш ду боху геннарчу бIешерашкара.?

Гость - добавлено 5 лет назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.