Языковые курсы ishkola.com
Реклама
Языковые курсы ishkola.com
Реклама

Как переводится Исаева Марьям ХХ бIешарахь нохчийн исбаьхьаллин литературехь, культурехь кхиамца болх биначарах ю. ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь цо доккха гIуллакх дина къома юкъа йоза-дешар даржорехь, исбаьхьаллин культура кхиорехь. ХХ бIешеран 60-чу шерашкахь араевлла Исаева Марьяман "Ирсан орам", "Ирс кхоллархой" романаш хIетахьлерчу вайнехан литературехь дикачарах яра. Нохчийн литературехь прозин жанр кхиарехь мехала хилла уьш. Исаева Марьям йина 1898 шеран 20 декабрехь Одессехь халкъан хьехархочун Хакишев Солтин доьзалехь. Iалхан-Юьртара вара Хакишев Солта. КIорггера дешна а волуш, шуьйра кхетам болу Хакишев Солта, ма-дарра аьлча, халкъан серлонча вара. "Хакишев Солтас шен хенахь шуьйра яржош хилла вайн халкъана юкъахь прогрессивни дог-ойла", – яздора нохчийн гоьваьлла яздархо, литературин критик волчу Сулаев Мохьмада. ХХ бIешо долалучу муьрехь Хакишев Солтас Лаха-Неврехь школа схьайиллина, цу хенахь керла йолу дешаран кепаш юкъа а ялош. Цул тIаьхьарчу хенахь дешаран учрежденешкахь, пачхьалкхан органашкахь тайп-тайпана белхаш бина цо, амма цкъа а хьехархочун дарж ца дитина. Хакишев Солтин дахар, цо къоман дешар кхиорехь кхочушдинарг, Нохчийчоьнан юкъараллин дахарехь дакъалацар, шайн хьокъехь кхоччуш талламаш а бина, тIекхуьчу тIехьенна довзийта дезаш дара. Шен хааршца, хуьнаршца, къинхьегаман тIера хиларца шех масал эца хьакъ долуш стаг хилла Хакишев Солта.?

Гость - добавлено 5 лет назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.