Как переводится Хьайн ненан мотт хаахь, Дозалла до ас хьох, Даггара и безахь, Ас хастам бо хьуна. Цунах ма херлолахь, Доттаг1а, варийлахь, Ненан мотт хьайн бацахь, Байлахь вуй хаалахь! Хьо безаш волчунна Пондаран аз ду хьо, Хьайца уьйр йоцчунна Гихь беза мухь бу хьо. Хьо хууш волчунна Жовх1арийн х1онс ю хьо, Хьайца шовкъ йолчунна Чам тайна стом бу хьо. Хьо ца безаш волчо Шен нана лорур яц, Ненан сий цадечо Мехкан сий лардийр дац. Ненан мотт цахаар Шен кхерч цаларар ду, Кхерчан да цахилар Маьттаза вахар ду.?

Гость - добавлено 4 года назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.