Реклама
Реклама
Как переводится Мотт адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойлаяран а, кхетаман а, культуран а уггар сийлахь йоккха хазна ю. И хазна кIорггера дика Iамо а, сий деш ларъян а еза. Саццаза меттан сийлахь-йоккха хазна Iаморо боккха аьтто бо бартан а, йозанан а къамел кхио а, маттана шарвала а, меттан а, хьекъалан хазна кIорггера дика йовза а. Иза хаа а, мало йоцуш къахьега а деза.
Со нохчийн меттан а, литературан а хьехархо ю. Ас болх беш ерш 5, 8, 9 классаш ю. Сайн дахаран 46 шарах 26 шо школана д1аделла ас. Айса болх бечу заманчохь сайн дерриг дахар а, ницкъаш а, хаарш а д1алуш, къона т1аьхье кхетош- кхиорехь болх беш схьайог1уш ю со.
Доьалг1а шо ду ас «Нохчийн меттан а, литературан а урокашкахь классал арахьарачу балхахь а, дешархойн барт а, йозанан а къамел кхиор.» ц1е йолчу теман т1ехь болх бо.
«Дешар 1амор а, кхетош-кхиор а – дерриге а д1адахьаран бух бу урок», - кест-кеста олу аса.
Шайн барамца даккхий а, кегий а эзарнаш къаьмнаш ду дуьненахь. Эзарнаш меттанаш а ду, хIора къомана а шена-шена делла. Меттан гIоьнца бIешерийн кIоргенера таханлерчу дийне схьаеана къаьмнаша шайн башхалла, вуьшта аьлча шайн-шайн ламасталлин культура. Цхьаммо ца къуьйсуш, дахаран бакъдерг ду, шен мотт боцуш къам хуьлуш цахилар. Къам хиларан коьрта билгало ю мотт. Дерригенан бух бу и. Мотт боцуш хуьлийла дац къоман культура, литература, оцу къоман шен гIиллакх. Иза дIабаьлча, лар ца бича, довш ду къам. Цунна масалш а дуьне-нахь бIеннаш ду.
Дика урок-иза кхолларалла, искусство ю.
Ткъа нохчийн меттан урокехь коьртаниг ду цхьана 1алашоне дерзийна ойлаяр, 1амочу темах кхачам боллуш кхетар.
Цхьайолу урокаш ( дукха хьолехь нохчийн литературан урокаш) классал арахьа д1ахьо ас.
« Бераш кхетош-кхиоран а, царна дешар 1аморан а уггаре коьрта кеп шегара масал гайтар ю.»
Даймахке болчу безаман йовхо кхиоран кхерч школа хиларе терра, кхерчан йовхо латториг, ларйийриг хьехархо ву. Цо олучу дашах, буьйцучу маттах , цуьнан г1иллакхех, 1илманах доьзна ду къоначу чкъуран хиндерг.?
Нура Бекмурзаева
- добавлено 5 лет назад