Реклама
Реклама
Как переводится Б1аьрг нег1ар тухучу заманчохь
Д1аели бераллин хан
Хуьлучух со кхетта ялале
Безамо соьх йира лай
Хьо волуш сой ирсе хетара
Даго хьо воьхура схьа
Амма сан жималлин замано
Къуьсура безамца сан
Хийла хьо гаре сатуьсура
Ларвора хьо вог1у некъ
Хьуна и хаарна кхоьрура
Кхоьрура дохарна дог
Ткъа х1инца сан ойла херца
Хьо гена волуш ву соьх
Х1ун дер те, Юсуф, ас х1инца
Даьржаш ду гонаха дохк
Дуьне сайн кхоьлина хета
Гур вац хьо сих- сиха суна
Ехар ю г1енаха санна
бакъдерг д1атоьттуш сайх гена
Сан ирсан дог1а ду хьоьца
Дахаран марзо хьо ю
Ойланца хилалахь соьца
Хьо ларвеш со ехар ю
Ларвойла сийлахьчу Дала
Цагойтуш дахаран вуо
Хьо ларвеш, хьоьжучу керта
воьрзийла диканца хьо?
yusup.ulubaevvv
- добавлено 5 лет назад